Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу зерашца коронавирусан уьнах велла ши стаг, вирус къаьстина кхин а 573 вахархочуьнца. Эпидеми ца яржийта кхоьллинчу оперативан штабан дIахьедарца, Ставрополан кIоштахь а, Къилбаседа ХIирийчохь а велла ву и шишша стаг.
Инфекци чуеачхьана кхелхина Къилбаседа Кавказехь верриг а 602 стаг.
Къаьсттина дукха ун даьлла нах бу Дагестанехь – 97:
- Дагестанехь + 97 (6 272 ву эпидеми яьржичхьана)
- Ставрополан кIошт + 87 (3 425)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 82 (1 889)
- Краснодаран махкахь + 80 (4 735)
- ГIебарта-Балкхаройчохь + 79 (3 655)
- Адыгейхь + 55 (1 213)
- Къилбаседа ХIирийчохь + 37 (3 440)
- ГIалгIайчохь+ 36 (2 474)
- Нохчийчохь + 20 (1 420)
Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун токхуш ву 28 523 стаг. Оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь COVID-19 къаьстина 502 436 стагаца.