Тахана, Мангал-беттан 11-чу дийнахь 79-чу шаре ваьлла нохчийн яздархо Яричев Iумар кхелхина ехха цамгар текхна, аьлла, хааме даьккхина Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсаша.
1941-чу шарахь Мангал-беттан 22-чохь дуьненчу ваьллера поэт ТIехьа-Мартанан кIоштарчу ГIулара эвлахь.
Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а яздархойн цхьаьнакхетараллийн декъашхо вара Яричев. Оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь язйинчу байтийн автор ву иза.
1970-чу шарера 1991-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь а, Москвахь а, Ростовехь а арайийлина цуьнан стихийн гуларш. Иштта зорбане вуьйлура иза кеп-кепарчу газеташкахь а, журналашкахь а.