Нохчийчохь Терк хи чу дахана ши бер лоьхуш бу орцанхой а, волонтераш а, яздо ТАСС агентталло.
"Нохчийчуьрчу Невран кIоштахь орцан министраллан белхахоша лоьхуш ду 10 а, 11 а шераш долу ши бер. Хетарехь, Терк хи чу дахана и шиъ", - билгалдаьккхина министраллан пресс-гIуллакххоша.
Яздарца, Калиновская олучу эвлан йистехь хилла бу сингаттам еарин делкъхенахь.