ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Битаровна эхь ца хета? "Уьнна дуьхьаллаьттачу медикашна догIу ахча ца луш меттигаш ю Къилбаседа ХIирийчохь


Къилбаседа ХIирийчуьра лоьраш реза бац шайна "цIечу зонехь" болх барна деллачу ахчанна. 200-300 эзар сом лур ду бехира царна мехкан куьйгалхочо, амма ца делла. Ткъа "президентан ахчанна" тIера ял дIаэцна I3% (Пачхьалкхан Думехь бохура иштаниг нислур дац). Дукхайолчу медицинан хьукматийн белхахоша аьрзнаш яздина прокуратуре.

Кхетон хала, чолхе де коронавирус кхеттачу бахархошна дарба деш хьийзачу медикийн алапашна тIетуху ахча даларх долу низам. Оьрсийчоьнан министрийн кабинетан шина омрица луш ду иза. "Къинхьегамехь шатайпа хьелаш нисдаларх а, тIех сов болх барх а", "Лаккхара мехалла йолу белхаш барна" цIерш ю церан.

Логико бахарехь, уьнна дуьхьаллатта кечйинчу дарбан хIусамийн белхахошна кхача деза шина а омрано дуьйцу ахчанаш. "Хала хьелаш а, сов къинхьегам а" ловчу лоьрашна дала догIу алапел сов 80% ахча, медйижаршна – 40%, санитарашна – 20%. Ткъа "лаккхара мехалла йолу белхаш барна барна" баттахь дала деза: лоьрашна – 80 эзар сом, фельдшерашна, медйижаршна – 50 эзар сом, лахарчу даржашкарчу медикашна а, орцан медицинан машенашлелорхошна а – 25 эзар сом.

"Кавказ.Реалиино" хеттарш дира ковид-дархошца болх бечу медицинан хьукматийн белхахошка. Цара массара а бохура, шайна шайн алапаш а делла, царна тIе "хала хьелашкахь къахьегарна" олу ахча а делла.

"Лур ду баьхначу ахчанал лахара ду оха схьаэцнарг. Тхуна моьттура, тхаьшна регионехь дала хьахийна ахча а, федералан центро дуьйцург а лур ду. Охан-баттахь со цомгуш хилла, балхах кIиранна юкъахъелира. Сан алапа хилира 74 эзар сом. Ас бухгалтерехь хаьттира, муха вовшахкхетта и ахча. "Путинера" 50 эзар а, сан сайн алапа а ду суна делларг, элира. Хаттар ду сан: Битаровна эхь ца хета? Мичахь ду республико шеггара лур ду баьхна ахча? Мичахь ду суна, медйишина санна, ун кхеттачу нахаца болх барна федералан низамо дала кхачийна 40% ахча? Цо ма боху, ша массарна а делла махко тIетухуш долу ахча", - элира тхоьга орцан медицинан клиникерчу цхьана медйишас (ца лиира цунна ша йовзийта).

Битаров Вячеслава шайн махкахь коронавирус марсайолучу муьрехь дIахьедира, республикан бюджетера, совгIатан кепехь, лур ду лоьрашна ахча, аьлла: реаниматологашна баттахь – 300 эзар сом, терапевташна – 200 эзар, санитарашна I00 сом. Амма "Кавказ.Реалиино" къамел динчу медикех цхьа а вацара Битаровс дийцина совгIат кхаьчна.

"Цара суна сан алапа а делла схьа, президентан 50 эзар сом а делла. Кхин а 2993 сом а тIетоьхна, гарехь, иза ду Битаровс лур ду баьхна ахча. Аьшпаш бу массанхьа а. Болх бан нах боцуш дисинера тхо. Дарбан хIусамехь дохура денош а, буьйсанаш а. Массо а битина луш долу алапа а, цунна тIетуху ахча а I00 эзар соьме хьала а кхачийна. Царна хIун моьтту, нах бага хи лаьцна Iийр бу аьлла хета царна?", - бохура ун кхеттачу берах болчу зударшна дарба дечохь къахьоьгучу медйишас.

Медикаша дийцарехь, федералан центро лучу ахчанах I3% ял дIаоьцу Iедало, оьцур яц баьхннашехь.

"Федералан ахча а дахийтинера гIуданна буха: I3% дIаэцнера. Оха халачу балица юхадалийтина и ахча", - элира зударийн дарбан цIийнан медйишас.

Республикан могашаллин министраллица лоьрийн аьрзнийн хьокъехь къамел дан дагахь яра "Кавказ.Реалии". Амма цигахь реза ца хилира тхан хеттаршна жоьпаш дала. Амма мехкан прокуратура ю йиллина лоьрашна бен эшамаш толлуш, къестош. Дукха хьолехь прокурораша лоцу медикийн агIо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG