ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла виъ стаг, ун даьлла кхин а 550 вахархочунна. Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла шиъ, Ставрополан махкахь а, Нохчийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а цхьацца кхелхина.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун чудеачхьана велла COVID-19 вирусах 606 стаг.
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь дукха бу ун даьлла нах Дагестанехь- 95:
- Дагестанехь + 95 (6 367 ву эпидеми яьржичхьана).
- Ставрополан кIоштахь + 84 (3 509)
- Кхарачой-Чергазийчохь + 80 (1 969)
- Краснодаран махкахь + 80 (4 815)
- ГIебарта-Балкхаройчохь + 79 (3 734)
- Адыгейхь + 38 (1 251)
- Къилбаседа ХIирийчохь + 37 (3 477)
- ГIалгIайчохь + 36 (2 510)
- Нохчийчохь + 21 (1 441)
COVID-19 вирус кхетта ву верриг а Къилбаседа Кавказехь 29 073 дархо.
Ерриг Оьрсийчохь 511 423 ун даьлла ву, оперативан штабан информацица.