ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь кхелхина Кадыровн гонера Висмурадов Абушайх


Висмурадов Абузайд а, Кадыров Рамзан а

Соьлж-ГIаларчу полицин хьаькам, парламентан вице-спикеран Висмурадов Абузайдан (Патриот) ваша, 51 шо долу Висмурадов Абушайх велла Нохчийчохь."Кавказский узел" агенталло бина цунах лаьцна хаам, шайн шина хьосто дийцарехь а, иштта инстаграмерчу масех аакаунташна тIетевжина а.

Еарин сарахь кхелхина Висмурадов аьлла, балхаца иза вевзачу Соьлж-ГIаларчу Амнат цIе йолчу зудчо а. Шахьарарчу телехьожийлан белхахочо дийцина иштта агенталле, Висмурадов кхалхарца доьзна Оьрсийчоьнанн денна лерина онлайнехь пачхьалкхан филармонин артисташа дIаяхьа кхайкхийна концерт а юкъахъяьккхина аьлла.

"Филармонин артисташа иллеш а, эшарш а, хелхарш а дара кечдина. Тахана Iуьйранна, цхьа а онлайн-концерт хир яц элира тхоьга. ХIунда аьлча, Нохчийчоьнан министрийн кабинетан декъахочун ваша валарна", - аьлла, тIечIагIдина зудчо. Официалехь информаци я бакъйина а, я харцйина а яц.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG