ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ: тIаьххьарчу дийнахь а, буса а велла 14 дархо, ун даьлла 555 стагана


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а коронавирусан уьнах кхелхина 14 стаг, кхин а 555 вахархочуьнца вирус къаьстина.

Оперативан штабан дIахьедарца, Къилбаседа ХIирийчохь велла бархI дархо, Дагестанехь а, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь кхелхина цхьацца пациент.

Эпидеми чуеачхьана Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах верриг а кхелхинарг ву 620 стаг.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, Дагестанехь алсам бу ун даьлла нах - 96:

Дагестанехь + 96 (6 463 ву эпидеми яьржичхьана).
Кхарачой-Чергазийчохь+ 89 (2 058)
Ставрополан махкахь + 85 (3 594)
ГIебарта-Балкхаройчохь+ 81 (3 815)
Краснодаран кIоштахь + 78 (4 893)
ГIалгIайчохь+ 40 (2 550)
Къилбаседа-ХIирийчохь+ 36 (3 513)
Адыгейхь + 27 (1 278)
Нохчийчохь + 23 (1 464)

Верриг а Къилбаседа Кавказехь коронавирус къаьстина 29 628 стаг ву. Оперативан штабан информацица, Оьрсийчохь ун токхуш ву 520 129 дархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG