Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIечIагIдина шен гонерчу Висмурадов Абушайхан кхалхар.
"Тахана дуккха а хала ду суна садаIа. Хьоьвзинчу бурконо аьхкенан Ахмат-Юьртара цIена хIаваъ мерцина а хаац, я бIаьрех ледачу бIаьрхиша некхан ун дIалаьцна а хаац. Ца хаьа. Амма суна хетарехь, иза а, важа цхьанаийна, тхоьца садоьIуш хьо вацарна, АБУШАЙХ...", - аьлла яздо меттигерчу "Чечня Сегодня" агенталло Кадыровн дешнаш.
Висмурадов валаран бахьана дуьйцуш дац Кадыровс, шен эмоцеш гайтар доцург, ялийначу монологехь хиллачух цхьа а бахьана къадийна дац.
51 шо долу Висмурадов Абушайх хьалхо Соьлж-ГIаларчу полицин хьаькам вара. Нохчийчоьнан вице-премьеран Висмурадов Абузайдан (Патриот)ваша вара иза.
Кху беттан 11-чохь инстаграмерчу масех аккаунтехь дийца даьккхира, Висмурадов Абушайх кхелхина аьлла. Оцу тIехула юкъахъяьккхинера Соьлж-ГIалахь Оьрсийчоьнан денна лерина концерт а.