ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьана кIиранах Нохчийчуьра карантинан раж лагIйийр ю аьлла


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаам бина, коронавирусан пандеми бахьана долуш тоьхна дозанаш карарчу беттан 20-чу дийнера схьа дуйна 3-чу муьре а девлла, малдан долор ду аьлла. "Чечня Сегодня" агенталло бина цунах лаьцна хаам.

"Регионерчу хьолана тIехь латтош терго ю, цкъачунна цхьана кеппара ю ситуаци. Карарчу беттан 20-гIа де чекхдаьллачул тIаьхьа рогIерчу этапе довла гIуртур ду", - аьлла, хаам бина Кадыровс шен Твиттерехь

Могушаллин министраллан тIаьххьарчу информацица, махкахь 1 44I стаг ву ун даьалла, товелла 1 121, 18 стаг кхелхина уьнах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG