ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь велла уьнах 9 стаг, цомгаш хилла - 553


ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 9 стаг, вирус кхетта 553 вахархочух. Эпидеми ца яржийта кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь, ГIебарта-Балкхаройчохь кхелхина кхоккха пациент, Краснодаран махкахь шиъ велла, Ставрополан кIоштахь цхьаъ.

Верриг а къилбаседа Кавказехь велла COVID-19 вирусах 629 апциент .

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Кхарачой-Чергазийчохь дукха бу ун даьлларш - 98:

Кхарачой-Чергазийчохь+98 (2 156 ву эпидеми яьржичхьана)
Дагестанехь + 94 (6 557)
Ставрополан махкахь + 83 (3 677)
ГIебарта- Балкхаройчохь+ 80 (3 895)
Краснодаран кIоштахь + 77 (4 970)
ГIалгIайчохь + 37 (2 587)
Къилбаседа ХIирийчохь+ 34 (3 547)
Адыгейхь + 33 (1 311)
Нохчийчохь + 17 (1 481)

Коронавирус юкъаяьлчхьана Къилбаседа Кавказехь ун даьржинера 301 81 вахархочуьнца. Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь ун даьллера 528 964 стагана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG