ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусан «лидер» ю Къилбаседа Кавказехь Кхарачой-Чергазийчоь


ХIинццалц уьно уггаре дукха лоьцу нах Дагестанехь а болуш лаьттира хьал. ДIадахначу дийнахь (14.06.2020) цигахь цомгуш хилла, официалан статистико бахарехь, 94 стаг. Амма кхин а дукха бу коронавирус лаьцнарш регионан кхечу маьIIехь – Кхарачой-Чергазийчохь, 98 стаг.

Ставропол-махкахь, селханенна Роспотребнадзорера йолчу информацица, ун гучудаьлларг ву 83 вахархо, ГIебарта-Балкхаройчохь – 80, ГIалгIайчохь – 37, Къилбаседа ХIирийчохь – 34, Нохчийчохь – 17.

Цомгуш хиллачийн а, тобеллачийн а терахьаш дуьстича, ах сов дархой тобелла Къилбаседа Кавказан массо а мехкашкахь, цхьа Кхарачой-Чергазийчоь йоцург. Таханенна официалехь ун ловш ву Кхарачой-Чергазийчохь 1600 сов вахархо, Ставропол-махкахь 1700 сов, Дагестанехь 1500 сов, ГIалгIайчохь – 400 сов, Нохчийчохь – 350 гергга, Къилбаседа ХIирийчохь – 270 гергга. Иштта бу Iедалан "Стопкоронавирус" сайто бен хаам.

Динамиках дерг аьлча, лагI ца делла цуьнан болар Къилбаседа Кавказехь: кхуьуш ду воронавирус лоьцучийн терахь. Юхьанца дуьйна схьа а ун кхеттарг ву регионехь 23,5 эзар гергга вахархо, цомгуш ву тIаьххьарчу шоьтан денна йолчу информацица 7800 гергга стаг. Иштта боху "Кавказский узело".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG