ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

6 стаг велла коронавирусах, 542 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса


Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бахарехь, Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 6 стаг, хьакхаделла и ун кхин а 542 стагах.

Белларш бу: Дагестанера – 3 вахархо, Краснодаран-махкара, ГIебарта-Балкхаройчуьра, Ставрополан-махкара – цхьацца. Юьхьанца дуьйна велла Къилбаседа Кавказехь коронавирусах 635 стаг.

Уггаре дукха бахархой цомгуш хилла уьнах дийнахь-буса Кхарачой-Чергазийчохь – 99 вахархо.

Статистика ю иштта:

  • Кхарачой-Чергазийчоь +99 (верриг – 2255)
  • Дагестан + 95 (6652)
  • Ставропол-мохк + 82 (3759)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 80 (3975)
  • Краснодар-мохк + 72 (5042)
  • ГIалгIайчоь + 36 (2623)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 34 (3581)
  • Адыгей + 29 (1340)
  • Нохчийчоь + 15 (1496)

Къилбаседа Кавказехь йоллучу хенахь коронавирус хьакхаелларг ву 30 723 вахархо, ерриг а Оьрсийчохь, Оперативан штабо Мангал-беттан 15-чу денна бечу хаамца - 537 210 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG