ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францерчу Дижон гIалахь къепедацарш лелла, нохчий декъахь а болуш


Францерчу Дижон гIалин юккъехь нохчийн тобано йохийна Мароккора а, Алжирера а схьабевллачу нехан долара кальян-бар, аьлла информаци яржийна хамийн гIирсаша.

Леташ а, девне бевлларш дIасабохучу полицина духьаллаьтташ а лазийна иттех стаг.

Меттигерчу телевизионо бохучунна тIе а тевжаш, РИА "Новости" агенталло яздарехь, дов долийна нохчаша, шайх цхьаннан беранна гIалахь наркотикаш юхкучу Iаьрбаша йиттина аьлла.

Дижонерчу прокуратуро хилларг талла декхарейина меттигера юкъарчу кхерамзаллин департамент а, кхелан полици а, боху Regnum агенталло.

Дижон гIалин юккъерчу Black Pearl цIе йолчу кальян-барна тIелетта шоьтан сарахь 100 гергга нохчо, карахь бейсболан гIожамаш а, аьчка чкъураш а, уьрсаш а долуш, боху прессо. Социалан машанашкахь Францерчу нохчаша тоьшалла дарехь, 16 шо долчу нохчийн кхиазхочунна меттигерчу Iаьрбаша йиттинчул тIаьхьа иккхина дов.

Полицино бӀаьргех хиш оьхуьйту газ а хоьцуш, дIасабаьхна летарш. Лазийнарг иттех ву, аьлла Дижонан прокуроран гIовса.

Хьажа комменташка (1)

ХIара форум дIакъевлина ю.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG