ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ аутсайдер ю доьзалийн хьал дустучу Оьрсийчоьнан рейтингехь


Къилбаседа Кавказера пхи регион ю, нахера хьал довзуьйтуш, Росстатан 2019-чу шеран талламна тIехь "РИА Рейтинго" хIоттийначу графикехь тIаьххьарнаш.

Оьрсийчохь массарел а къен бу ГIебарта-Балкхаройчуьра доьзал – 85-гIа меттиг. Шина берах лаьттачу доьзална а ца тоьу цигахь рицкъ, боху талламан авторша. Цул лакхахь (84-чу меттехь) ю Нохчийчоь. Кхарачой-Чергазийчоьнна кхаьчна 81-ра позици, ГIалгIайчоьнна – 79-гIаниг, Дагестанна – 78-гIаниг. Къилбаседа Кавказан регионехь доьзал массарел дика беха Ставропол-махкахь (52-гIа меттиг).

Агенталлин талламчаша доьзалан хьал зуьйш схьаэцна хьелаш хIорш ду: да-нана + ши бер; мел ахча дуьсу доьзалехь цо ша ца йича ца йовлу харжаш йиначул тIаьхьа.

Рейтингехь хьалхарчу меттехь бу Ямал-Ненцойн мохк. Пачхьалкханна, коммуналан урхаллашна коьрта декхарш охьадехкича, ца хилча ца боллучул кхача а, духар а эцначул тIаьхьа цигарчу доьзална чохь дуьсу баттахь 88 456 сом. Ткъа рейтингехь тIаьххьара йолчу ГIебарта-Балкхаройчохь охьа ца диллича ца долу ахча дIадаьккхича, бухадуьсург ду - … - 1018 сом (аьлча а, уггаре кегийчу хьашташна ахча охьадиллича, тIехь декхар а дуьсуш боьрзу бутт доьзална).

Дахаран хьелаш дукха хенахь дуьйна уггаре эшна долу регион ю Оьрсийчоьнан официалерчу рейтингашкахь Къилбаседа Кавказ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG