ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID-19: Къилбаседа Кавказехь 11 стаг велла дийнахь-буса, ун кхетта кхин а 555-нна


ТIаьххьарчу дийнахь-буса 11 стаг кхелхина коронавирусах Къилбаседа Кавказехь, цомгуш хилла кхин а 555 стаг, боху уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо.

Белларш бу: Дагестанера – 9, Краснодар-махкара, ГIалгIайчуьра – цхьацца. Пандеми яржичхьана схьа велла уьнах регионехь 644 вахархо.

Дийнахь-буса а, юьхьанца дуьйна а долу дарийн терахьаш иштта ду:

  • Кхарачой-Чергазийчоь + 94 (2349)
  • Дагестан + 93 (6745)
  • Ставропол-мохк + 86 (3845)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 80 (4055)
  • Краснодар-мохк + 70 (5112)
  • Адыгей + 49 (1389)
  • ГIалгIайчоь + 34 (2657)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 32 (3613)
  • Нохчийчоь + 17 (1513)

Юьхьанца дуьйна схьа Къилбаседа Кавказехь уьно лаьцна, официалерчу информацица, 31278 стаг, ерриг Оьрсийчохь 545 458.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG