ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинна а, Кадыровна а шен къамел цатар гича, шен дахар кхерамна кIел дуйла кхийтира ша, аьлла Габунияс


Журналист Габуния Георгий
Журналист Габуния Георгий

Журналиста Габуния Георгийс дIахьедина, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир сийсазвеш ша къамел дича, цо а, Кадыровс а аьлларг шена хаьа, цундела шен кхерамзаллах вогуш вара ша, аьлла.

"Сайн монолог ас яржошшехь, Путин сайна дуьхьалвер вуйла, юха иза Пачхьалкхан Думехь луьстур дуйла, Кадыровс къамел дийр дуйла ца хаьара суна. Амма цара массара а шаьш эриг аьлча, со кхийтира иза ларамза доцийла. Путинна ца беза нах хIаллакхбеш буйла гойту масалш долуш ду вайн. Со ларвала везийла суна хаьара. Суна тIехIоттийна долу ха чIагIдира. Со ларвечарна хиира со цхьана наха тергалвеш вуйла. И стаг лаьцначул тIаьхьа муха дIахьор бу таллам суна ца хаьа. Iедалан структурех стагга а ца ваьлла соьца зIене", - боху Габунияс.

Цунна хетарехь, хиллачо гойту Москваца диалог лехар эрна дуйла.

"Со гIалат хила а тарло, ас цхьа чIоггIа вон хIума дина хила а мега. Амма луларчу пачхьалкхо со вен киллер хьажийна. Цул тIаьхьа хIун дуьйцур ду Оьрсийчоьнца? Генарчу заманера бодане кепаш ю пачхьалкхо лелораш", - аьлла Габуния Георгийс "Мтавари Архи" телеканалехула.

  • Тбилисехь пачхьалкхан кхерамзаллин ницкъаша лаьцна 38 шо долу Оьрсийчоьнан вахархо, гIалгIа Боков Васамбек. "Мтавари архи" телеканалера журналист Габуния Георгий вен Iалашо яра цуьнан, аьлла каналан инарла директора Гварамия Никас. Цуьнан дешнашца аьлча, журналист вен Боков араваьккхинарг ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Бахьана ду шо хьалха "Рустави-2" телеканалан эфирехь Габунияс Путин Владимирах лаьцна маьттаза къамел дар.
  • Боков стаг вен ваийтина хилла, боху Гуьржийчоьнан Кхерамзаллин урхалло а. Оцу хьокъехь дIахьедар дина цо. Бакъду, лаьцначун цIе ца йоккху низамхоша – йовзуьйту "В.Б." инициалаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG