ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзан: Габуния Георгийна, гора а хIоьттина, шена къинхетам бехар тоьлу


Telegram-каналехула Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар даржийна ша гуьржийн журналист Габуния Георгий вен Тбилисе вахийтина стаг цигахь лаьцна аьлла баьржинчу хааман хьокъехь. (Стохка, Мангал-беттан 2-чохь "Рустави-2" телеканалехула Оьрсийчоьнан президент сийсазвеш, маьттаза къамел дира оцу журналиста).

"Хаамийн гIирсаша, вошашца къийса а къуьйсуш, даржадо Гуьржийчуьрчу ша журналист ву бохучун къамел. Боху, Нохчийчоьнан Iедал иза вен кечделла. Шайн кхолламна дегабаам бинчу нехан туьйранашца сан кIезиг бала бу.

ХIинца боху, киллер лаьцна, иза Кадыровс ваийтинера пекъар-журналист вен. Хаа ду шуна, накъостий, декхар ас тIедиллина делахь, иза дуьсур дац шуна кхочуш данза, къеллехь йохкучу шун пачхьалкхашкахь-м муххале а тийна-таьIIина далур ду иза. Ша хаамийн гIирсийн векал ву бохуш лелачу шун багаеттархочунна чохь са дисина а дац, ша цхьа доккха адам хета цунна.

Амма ас хоуьйту тхаьшна цо тхан Пачхьалкх, тхан Халкъ – цундела со а – сийсаздинийла дицделла доцийла. Ас хьалха аьлла ма-хиллара, Габуния Георгийна, гора а хIоьттина, шена къинхетам бехар тоьлу шегара даьллачунна. Цо цхьа стаг ца вина сийсаз – Оьрсийчоьнан масо а бахархой бина. Гуьржийчоьнан Iедална хьоьху ас и стаг кхетамчу валор. Цунна шена хьоьху ас ша динчух лаьцна ойла яр, шен кхетам меттабалор. Ишта ца дахь, юха а боху ас, сан мостагI ву иза", - яздина Кадыровс шен Telegram-каналехь.

Леррина операци дIахьош лаьцна Тбилисехь 38 шо долу Боков Васамбек, Оьрсийчоьнан вахархо. Иза Гуьржийчуьрчу оппозицин "Мтавари архи" телеканалан журналист Габуния Георгий вен кечлуш хилла, хаам баржийна каналан инарла директора Гварамия Никас. Цо бахарехь, журналист вен Боков ваийтинарг ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, ткъа бахьана – Габунияс шо хьалха "Рустави-2" телеканалан эфирехь Оьрсийчоьнан президентах лаьцна маьттаза къамел дар.

Яьржинчу информацица, массех де хьалха лаьцна Боков Васамбек контртерроран департаменто. Ткъа иза гуьржийн журналист вен гIерташ вуйла хаийтина Украинерчу кхерамзаллин сервисаша, аьлла Гварамияс.

Гуьржийчоьнан кхерамзаллин урхалло цкъачунна ца довзуьйту хилларг.

20I9-чу шеран аьхка "Рустави-2" телеканалехь эфир хьош, Путин Владимирах лаьцна маьттазчу маттахь вистхилира Габуния. ХIетахь доладелира цунна кхерамаш тийсар. Масала, Кадыров Рамзана, иза «Кавказан воI вац, боьрша а вац", элира. "ДуьнентIехь Путин лоруш миллионаш кегийнах бу. Габуния ворхI кертал дехьа лачкъон веза, хIунда аьлча, дуьххьара иза гиначунна луур ду цунна доггIург кхочушдан", яздира Кадыровс.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG