ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIише ахча хьажорна 9 шо хан тоьхна Нохчийчоьнан вахархочунна


"Исламан пачхьалкх" олучу экстремистийн тобане ахча хьажорна аьлла бинчу сацамца Ростоврчу тIеман кхело 9 шо хан кхайкхийна Нохчийчуьрчу вахархочунна Мусаев Шемална набахтехь такха, хаам бина Интерфаксо.

Талламо бахарехь, Мусаев 2019-чу шеран юьххьехь Германехь хилла, цигахь цо шина стагера а, шегара а ахча делла "Исламан пачхьалкхан" векалшка дIакхачадайта.

Хьалхо "Кавказ.Реалиино" яздира дагестанхочунна Гаджиев Шаврина изза бехк Iедало тIебахьарх лаьцна. Иза, цо ша дийцарехь, ХIинжа-ГIалахь лецира, дареш дехира цуьнагара ницкъаша. Москвахь кхел йира цунна, 8 шо 6 бутт хан туьйхира набахтин луьручу хьелашкахь такха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG