ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

14 стаг велла уьнах, 530 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса


Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 14 вахархо, 530 цомгуш хилла.

Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, 7 стаг кхелхина Дагестанехь, шишша – Нохчийчохь а, Краснодар-махкахь а, цхьацца велла ГIебарта-Балкхаройчохь а, Ставропол-махкахь а, ГIалгIайчохь а.

Юьхьанца дуьйна схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла лору 658 стаг.

Уггаре дукха бу дийнахь-буса уьно лецнарш Кхарачой-Чергазийчохь – 97 стаг.

Терахьаш иштта ду цхьана дийнан а, юьхьанца схьа а:

  • Кхарачой-Чергазийчоь + 97 (2446)
  • Дагестан + 92 (6837)
  • Ставропол-мохк + 83 (3928)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 77 (4132)
  • Краснодар-мохк + 71 (5183)
  • ГIалгIайчоь + 36 (2693)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 32 (3645)
  • Адыгей + 26 (1415)
  • Нохчийчоь + 16 (1529)

Верриг а ун даьржичхьана схьа Къилбаседа Кавказехь, официалан терахьаша бахарехь, цомгуш хилларг ву 31808 стаг.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG