ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ: 9 стаг велла коронавирусах дийнахь-буса, 533 цомгуш хилла


Уьнна духьалоечу Оперативан штабан хаамца, Дагестанехь, Ставропол-махкахь кхоккха стаг кхелхина коронавирусах, шиъ – Краснодар-махкахь, цхьаъ – ГIебарта-Балкхаройчохь.

Юьхьанца дуьйна Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 667 вахархо.

Мехкашлахь уггаре дукха ун кхетта нах билгалдевлла дийнахь-буса Кхарачой-Чергазийчохь – 99 стаг.

Терахьаш керла а, юьхьанца дуьйна а:

  • Кхарачой-Чергазийчоь + 99 (2545)
  • Дагестан + 90 (6927)
  • Ставропол-мохк + 90 (4018)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 77 (4209)
  • Краснодар-мохк + 69 (5252)
  • ГIалгIайчоь + 32 (2725)
  • Къилбаседа Х1ирийчоь + 31 (3676)
  • Адыгей + 31 (1446)
  • Нохчийчоь + 14 (1543)

Коронавирус гучуяьлларг ву Къилбаседа Кавказехь 32341 стаг, ерриг Оьрсийчохь - 561 091 стаг, боху Оперативан штабо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG