ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъаховзамашкахь 6 стаг велла Дагестанехь дийнахь-буса


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Кхаарний, еарний юккъехь Дагестанехь хилла 9 некъахьовзам. 6 стаг велла, 9 – лазийна. Беллачаралахь цхьа бер а ду, хаам бина Дагестанан некъан инспекцин буьйранчас Шагалин Александра.

Цо дийцарехь, ХIинжа-ГIалина уллерчу Семендер юьртахь ши шо долу бер дийна, машен тIе а тоьхна.

Шагалина довзуьйту оцу массо а некъахьовзамийн коьрта бахьана: машенлелорхой шайн йоцчу некъан асанашна тIебийлар, чехкалла.

Хьалхо хаам баьржира, Дагестанехь "Газель" а, "Лада-Приора" а вовшахкхетар бахьана долуш кхо стаг велла Хасу-Юртара Бабаюрта боьдучу новкъахь, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG