ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бахархойн терахьаш кхуьуш ду Къилбаседа Кавказехь


Къилбаседа Кавказехь, цхьа Ставропол-мохк боцург, кхуьуш ду бахархойн терахьаш, изза сурт гойту Оьрсийчоьнан статистикан Росстат урхалло 2020-чу шеран хьалхарчу беа беттан талламашкахь а.

Ша Кавказехь хилла ца Iаш, ерриг а Оьрсийчохь лакхара ду и терахь Дагестанехь а (+8800), Нохчийчохь а (+6882).

Бахархойн дебаш хаало Оьрсийчоьнан 16 регионехь.

Баларш а, нах т1екхиар а дуьхь-дуьхьал х1иттийча, бахархойн терахь совдальлла ГIалгIайчохь 1797 стаганна, ГIебарта-Балкхаройчохь – 648-нна, Кхарачой-Чергазийчохь – 131-нна, Къилбаседа ХIирийчохь – 100-нна. Ткъа Ставропол-махкахь мелхо а эшна бахархой терахь стохкачул (-1914).

Бераш дина Нохчийчохь шеран хьалхарчу беа баттахь, оццу стохкалерчу заманца дуьстича, 105,8% дукха (+490), Г1ебарта-Балкхаройчохь – 101% (31). Амма лахделла и терахьаш Дагестанехь а (87,6%), ГIалгIайчохь а (85,8%).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG