ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестан: пандеми йирзича ловзарийн гIар-гIовгIа эккхар юй?


Иллюстративан сурт

Дагестанехь де дийне карантин лагIъеш хиларо дегайовхо юьту бизнес лелочу нахана,яздо "Кавказ.Реалиис". Бакъду, ловзарш дIахьочу индустрех карантинан барамаш тIаьххьара бен хьакхалур бац: шайлахь дIадерзочу нускалехь а гулло цигахь цхьа эзар ах эзар гергга адам.

"Кавказ.Реалиин" корреспондентан къамел хилира ХIинжа-ГIаларчу ловзарш хIитточу агенталлан, "Европа" банкетан хIусаман администраторца Рабаданова Сакинатца. Цо дийцина, коронавирусан пандеми йоьдучу юкъанна нускалш кхийларх а, къаьсттина кху муьрехь зен хиллачех а, иштта дуьйцу, доьзал кхуллучу цхьана эвларчу шинна атта хIунда ду а.

- Марха даьстинчул тIаьхьа аншлаг хуьлуш Iедал дара хIинццалц, дукха хуьлура доьзалш кхуллурш. Карарчу баттахь дукха ловзарш дара тхан хIиттон дезаш, амма цхьана ханна дIатеттина уьш. ХIара бутт бовш мукъна а болх бан дуьйлалур ду аьлла, дегайовхо ю-кх. Товбеца а, Марсхьокху а беттанашкахь сезонан пик лаьтта. Аьхкенан чакхенан мукъаденош дIалоцу тхан дукха хьолахь цхьа шой ах шой хьалха дуьйна. Кечамаш бо, музыканташ а, артисташ, юург ен нах а лоьцу. Шина дийнахь хуьлу ловзар: цхьана дийнахь нускал даздо, шолгIачу дийнахь зуда ялош волу жимстаг. Мангал-баттера барамаш кхечу ханна дIа а теттина, тIаьхьий-хьалхий мукъа ши де карон хIуммаъ а атта дац хIинца - массо а денош дIалецна ду. Тхан цхьаболу клиенташ кхечу банкетан хIусамашка дехьабовла дезар ду. Атта ду шайн тукхумерчу кIанте йоьдучунна а, ялочунна а: хIунда аьлча, гергара нах а, хьеший а цхьаъ хуьлу цигахь. Цхьана дийнахь доьрзу церан ловзар а.

- Нах гулбеш, даккхий ловзарш ца хIиттийра махкахь карантин йоьдучу заманчохь, амма доьзал ца кхуллуш ма ца Iийра?

- Шайлахь, шайн чохь я кегийчу банкетан хIусамашкахь дIадерзадора нускал далор. Тхан банкетехь ловзар хIотто лаам хиллачу шиммо хIоттийра ловзар, амма хьеший а ца кхойкхуш. Маса гIаличуьра дIадахара и шиъ. Кхинберш сатуьйсуш Iара, шайн де дIа а тоьттуш. Зазадокху-бутт бовш массарна а моьттура карантин цхьана кIиранах бен латтор яц аьлла, Охан-бетан 6-чу дийне кхаччалц. Цундела Охан-беттан 7-8-гIа денош билгалдаьхнера цара. Эххар а дийзира церан а къастазчу хене дIататта шайн ловзар. БIеннашкахь хьеший а кхайкхина хIотто лаьа царна шайн той.

- Гуьйренца пандемин шолгIа тулгIе лестар ю бохуш, хабарш ду хезош. Гуьйренан ловзаршна хIун дийр ду аш?

- Цкъачунна цхьа а ца хIутту шайггара прогнозаш ян. Ши бутт хьалха цхьа а вацара коронавирусах тешаш, масонаша барт бина лелош хIума ду, я Iедалша шайггара долийна ду, нах Iехош бу а бехира. Ткъа ярташкахь даккхий тойнаш хIиттош, дIакхоьхьура ловзарш. Цул тIаьхьа даржа доладелира ун. Цигахь медицина ледара хиларе терра, дуккхаъчу нехан баларш хилира

- Мел ду шуна хилла зен?

- Миллионашкахь эшам хилла тхуна. Лаьттах налог яла деза, тIехуьлуш пайда бац. Пачхьалкхера цхьана а кепара гIо хир ду ала меттиг а бац.

- Хьан белхахой стенгахь бу хIинца?

- 60 гергга белхахо ву сан, уьш берриш а болх боцуш шайн-шайн цIахь Iаш бу. Къаьсттина гIад дайначунна фирмано жим-жима ахча а ло гIоьнна, юург латтайо. Пачхьалкхан Iедало берашна делла итт эзар сом доцург, хIокху хена чохь кхин совнах хилла накъосталла дац. Суна ца догIу и ахча, хIунда аьлча, сан жимахйолчу йоьIан 16 шо ду. Вовшашна гIортораш а хилла, гергарчу наха а цхьана гIо а деш, хене дуьйлуш схьадогIу тхо. Тхан лоьрашна а ма дира хьоладайша гIо, царна эпидемих Iалашвен барзакъаш оьцура, тоьаш доцу молханаш а латтадора. Дагестанхоша сингаттам боьссича гIо дар чIогIа мехал ду.

- Дагестанехь дехачу къаьмнашлахь къаьсттина ловзарш хIиттор дехкарца эшам хилларш муьлш бу?

- Лакцаш бу аьлла хета суна. Церан самукъадаккхаран программа шуьйра хуьлу, цхьа паргIат, маьрша, самукъане дIахьо цара шайн барамаш. Лезгинаш а, гIумкий а бу, цхьа цIе яьлча санна жигара дIахьо цара а шайн ловзарш. Ткъа аварцийн барамаш мел а къовламе хуьлу, музыка а йоцуш.

Комментареш

New Comments Available

Тепсуркаев Салман хьехош кIордийна, иза леха а хьашт дац, аьлла хетарш бу Маршо Радион сайте хьовсучаралахь. Иза нийса дуй шун кхетамехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG