ГIалгIайчуьрчу бахархоша Ганиева Маккас а, цуьнан майрачо Марзиев Iисас а шайн гергара бер Ажигова Iайша гIелонехь кхабарна айдина бехктакхаман дов кхеле кхачийна талламо. Оцу хьокъехь хаам бина "Правовая инициатива" проектан цIарх беран ненан Евлоева Лидин агIолоцучу адвоката Мисалова Еленас.
"Шатайпа, дуккха а шен сенаш болуш гIуллакх ду толлург: бераца доьзна, иза хьийзийначаьрца доьзна, инзаречу къизаллица доьзна. Кхело иза муха луьстур ду, дерзор ду хаа хала ду цкъачунна, хIунда аьлча, бехкебечара тIе ца оьцу шайна бехк, церан а ву адвокат. Царна дуьхьалбаьккхинчу бехканна низамо 8 шаре кхаччалц набахти кхачайо", - элира Мисаловас.
2019 шеран аьхка 7 шо долу Ажигова Iайша, дегIат тIехь дуккха а чевнаш а йолуш, дарбан хIусаме йиллира. Талламо бахарехь, дейиша ю йоIанна тIехь гIело латтийнарг. ГIалгIайчуьра Москва йигира Iайша, цигахь цуьнан куьг дIадаккха дийзира лоьрийн.