ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъан инспекцин декъан куьйгалхо лаьцна кхаъ эцарна Ставропол-махкахь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ставропол-махкарчу Кочубейхь меттигерчу некъан инспекцин декъан куьйгалхо лаьцна кхаъ эцарна, хаам бо Къилбаседа Кавказерчу Талламан комитетан урхаллин пресс-векалто.

"Болх кхоччуш дика цабарна" 2019-чу шеран тIаьххьарчу беттанашкахь а, кхушеран шина баттахь а некъан низам лардечу инспекторийн тобанера (взводера) хIора баттахь 50 эзар сом доккхуш хилла хьаькамо.

Цунна дуьхьал дов айдина Бехктакхаман кодексан 290-чу декъо кхайкхийначу бехкаца (кхаъ эцар).

"Хане эцна кхаба кхачийна лаьцнарг", боху хаамехь.

Хьалхо набахтехь такха 7 шо хан туьйхира Къилбаседа Кавказерчу Ростехнадзоран куьйгалхочун гIовсанна Заварзин Дмитрийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG