ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

12 стаг велла, 512 цомгуш хилла коронавирусах дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 12 вахархо, цамгар гучуяьлла кхин а 512-ннехь.

Уьнна дуьхьалоечу Оьрсийчоьнан оперативан штабо бечу хаамца, виъ стаг велла Ставропол-махкахь, кхоккха - Дагестанехь а, Краснодар-махкахь а, цхьацца – ГIебарта-Балкхаройчохь а, Нохчийчохь а.

Официалан терахьашца, верриг а велларг ву уьнах Къилбаседа Кавказехь 689 стаг.

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта:

  • Ставропол-мохк + 93 (4248 юьхьанца дуьйна схьа)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 91 (2730)
  • Дагестан + 88 (7103)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 76 (4361)
  • Краснодар-мохк + 60 (5376)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 31 (3737)
  • Адыгей + 27 (1511)
  • ГIалгIайчоь + 27 (2782)
  • Нохчийчоь + 19 (1579)

Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана схьа 33727 вахархо хилла уьнах цомгуш. Ерриг Оьрсийчохь, Оперативан штабо бахарехь, и терахь ду 576 952.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG