ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхарачой-Чергазийчохь дайна хилла ши бер делла карийна


6 шо долу йиша а, цуьнан 11 шо кхаьчна ваша а дайнера кхо де хьалха Кхарачой-Чергазийчохь. Гонахара а, луларчу Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкара а 800 гергга орцан дакъойн а, полицин а белхахой, волонтераш бара ши бер лохуш.

Делла карийна и шиъ Доккха Зеленчук-хин йистонца. Иштта хаам бина "Кавказ.Реалиига" Кхарачой-Чергазийчуьрчу Талламан комитетан урхаллехь.

Волонтераш бу декъешна тIенисбелларш. Ши бер ницкъаша дийна ала битамаш ца карийна полицина, амма олийла дац цунна гарехь а, уьш карийна меттиг юьхьаръэцча а, хино и ши бер даьхьина а – ул-уллехь, тIера духарца цхьаьна карийна уьш.

Бераш стенах делла кхелан медицино гойтур ду, боху талламчаша. Хьал тергонехь кхобур ду ша, аьлла Оьрсийчоьнан Талламан комитето.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG