ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь 10 вахархо велла коронавирусах, 516 цомгуш хилла, Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца.
Белларш бу: Дагестанера – виъ, Краснодар-махкара – кхоъ, ГIебарта-Балкхаройчуьра – шиъ, Нохчийчуьра – цхьаъ.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 696 стаг.
Дийнахь-буса а, хьалха дуьйна а коронавирус шайца хилар билгалдаьлларш:
- Ставропол-мохк + 101 (4349)
- Кхарачой-Чергазийчоь+ 85 (2815)
- Дагестан + 85 (7188)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 75 (4436)
- Краснодар-мохк + 64 (5440)
- Къилбаседа ХIирийчоь + 31 (3768)
- Адыгей + 30 (1541)
- ГIалгIайчоь + 24 (2806)
- Нохчийчоь + 21 (1600)
Ун даьржичхьана Къилбаседа Кавказехь цунах цомгуш хилла 33943 стаг, ткъа ерриг Оьрсийчохь - 584 680. Иштта ду Оперативан штабо гойту терахьаш.
- Къилбаседа Кавказехь ун даржарца лидер лаьтта кху тIаьххьарчу кIиранашкахь Ставропол-мохк а, Кхарачой-Чергазийчоь а. Массех баттахь и хьалхе шегахь латтийра Дагестано. Амма хIинца Дагестанехь коронавирусца долу хьал цхьана готтачу хорша дирзина, боху Оьрсийчоьнан могашаллин министралло.
- Федералан статистика кест-кеста хуьлу регионашкарчу терахьашца галморзахъюьйлуш, яздо Маршо Радион оьрсийн сервисо. Эксперташа дуккхаза а бехкаш бехкина регионашкарчу урхаллашна бакъдолу терахьаш лахдарна. Амма мехкийн куьйгалхоша иза бакъ ца до.
-