ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь шина полисхочунна тIелатар динарг кхелхина дарбан цIийнехь


Иллюстративан сурт
Иллюстративан сурт

Москварчу Ленинскан проспектехь шина полисхочунна герзаш диттина стаг велла дарбан хIусамехь аьлла, яздо ТАСС агенталло, Талламан комитетан векална Иванова Юлиян информацина тIе а тевжаш.

"Москварчу Ленинскан проспектехь шина полисхочунна тIелатар дина 1995-чу шарера стаг кхелхина", - аьлла цо.

  • Москвахь динчу тIелатарехь карарчу беттан 15-чохь делкъал тIаьхьа лазийра ГИБДД-н ши полисхо. Некъан низам дохийна такси сацийна, машенлелорхочунна гIуда тоьхна, протокол хIотточу заманчохь машенна герга а веана, герзаш диттинера зуламхочо.
  • Цхьа могIа хаамийн гIирсаша Iораяьккхира жимчу стеган цIе - ГIалгIайчуьра схьаваьлла 24 шо долу Галаев Ратмир ву иза аьлла.
  • Кхин хIара-важа аьлла, кIорггера хаамаш бац цунах лаьцна. Делахь а, "Интерфаксан" хаа таро хилла кIентан гергарчу нахах. Мацах ГIалгIайчуьрчу Госнаркоконтролан оперативан декъан хиллачу куьйгалхочун, иштта оццу хьукматан урхалла динчун кIант ву боху Галаев. Цул совнаха, Галаевн ваша ГIалгIайчуьрчу полицин белхахо а ву. ГалаевгIеран вежарий бехачу Карабулакерчу а, Эккажакъонгий-Юртарчу а шина цIийнах хьовса бахана а хилла ницкъаллийн структурийн белхахой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG