ТIаьххьарчу буса официалан зерашца, Оьрсийчохь коронавирусан инфекцех кхелхина 95 стаг. Дуьххьара цхьана баттахь ала мегар долуш мел лахара а 100 стаг кхелхина 24 сахьтехь. Ун даларца билгалваьлла 7 700 стаг – Охан-беттан 30-чу дийнера схьа иза уггар а лахара гайтам бу.
Иштта цхьана дийнахь гIоле хилла 4, 5 эзар пациентана. Эпидеми яьржичхьана 600 эзар вахархочух кхийтира вирус, царах 8 эзар велла.
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Москвахь ун даьллачу нехан терахь лакха гIоьртина, эзарна тIехъэккхаш.
Оьрсийчоьнан Iедалхоша де дийне малдеш ду карантинан дозанаш. Конституцехь хийцамаш беш кхаьжнаш тасар а ду кху кIиранах долор долуш.