ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВОЗ: коронавирусах ун даьллачийн терахь рекорде ду


Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашъяран организацино (ВОЗ) хаам бина тIаьххьарчу дийнахь а, буса а коронавирусан ун даьлла нах тIекхетарх – 183 эзар сов стаг, яздо "Свобода" Радионо. КIиран дийнахь динчу зерашца, къаьсттина дукха бу вирус кхетта нах Бразилехь а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а, ХIиндойчохь а. Оццу хена чохь велла 4 743 пациент. 50 эзарал тIех ду Бразилехь уьнах беллачийн терахь.

Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ ю царел а хьалха. Эпидеми яьржичхьана цигахь кхелхина 120 эзар дархо. Кеп-кепарчу мехкашкахь пандемих хьалха ца бевлла 468 эзар нах.

Дуьненчохь COVID-19 вирус кхеттачу нехан терахь 9 миллионе гIоьртина. Америкерчу ХIопкинс Джонан университето динчу зерашца тоьшалла до цу статистикан.

Стигалкъекъа-баттера схьа дуьйна, пандеми яржорца юкъадаьхна карантинан дехкарш де-дийне малдечу Европерчу пачхьалкхашкахь оцу юкъанна кечлуш бу пандемин шолгIачу тулгIена.

Reuters агенталло яздарца, интенсиван терапин палаташкахь болх бан кхин тIе а белхахой бу дIаоьцуш. COVID-19 ун даьржинчу пациенташца болх бан Iамош курсаш ю схьайоьллуш лоьрашна лерина.

Европехь цомгаш нах уггар а дукха бу Великобританехь – 305 эзар сов бу уьш. Лидершлахь юьсуш ю Испани а, Итали а. Оцу юкъанна коронавирусан уьнах белла нах дукха хиларца къаьстинчу пхеа пачхьалкхашлахь ю Великобритани а, Франци а, Итали а

Оццу гайтамашца, итт пачхьалкхашлахь билгалъяьккхина Испани а, Бельги а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG