ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан хаамийн гIирсашца дозанаш къасторан хаттар дийцаредан гIерта нохчийн парламентан спикер


Нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад
Нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад

Нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада карарчу беттан 21-чохь комментари йитина, Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дозанаш билгалдахарехь лаьтта проблемаш билгалйохуш, дагестанхойн "Новое дело" газетано зорбане яьккхинчу публикацин хьокъехь. Артиклан чулацам бийцаребан кхайкхина цо цуьнан авторш.

"Дийнна цхьа Iовраш харц информаци елла аш, шайн агIоне язбелларш а, шайн ешархой а меттах а бохуш", - яздина Даудовс "Новое дело" газетано Инстаграмехь Iораяьккхинчу постана бухахь.

Комментарешкахь парламентан спикер къера ву, дозанаш къасторехь юкъахь комиссино бина болх кхиаме цахиларна.

"Кхачам боллуш Дагестанерчу комиссица юкъахь и болх чекхбаьккхина бац, со цуьнца реза ву. Амма бац цу тIехь нохчийн агIонан бехк. Оха масийттаза Дагестанерчу тхайн коллегашка дехарш дира, цхьаьнакхетийта вай, оцу тIехьажийна болх кхин дIа бахьа бохуш, амма тхо хезаш стаг а вацара", - боху Даудовс.

Къовсаме яьллачу меттиган документаш гайта кийча ву ша аьлла, дIахьедина Даудовс.

Нохчийчуьрчу муниципалан кIошташкара дозанаш пачхьалкхан реестре дахарехь болх бирзина аьлла, дIахьедира кху шеран Дечкен-баттахь мехкан парламентан спикеро. Ткъа Дагестанан Iедалша жоп делира, Нохчийчоьнца дозанаш къасторехь болх шайн бирзина бац хIинца а, цундела и процесс йирзина ю олийла дац аьлла.

Дозанаш къастон комисси вовшахтоьхнера стохка Дечкен-баттахь: Нохчийчоьнан агIор парламентан спикер вара цу тобанан куьйгаллехь, ткъа Дагестанан комиссина урхалла дан векал винера цуьнан цу республикера коллега Шихсаидов Хизри.

Иштта, ГIалгIайчоьнца дозанаш билгалдохучу комиссин куьйгаллехь а вара Даудов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG