ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь тIаьххьарчу цхьана дийнахь 153 стаг велла коронавирусах


ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Оьрсийчохь коронавирусах кхелхина 153 дархо, хаам бина эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабо, яздо "Коммерсанто". Де хьалха 95 пациент кхелхинера. Ун даьржичхьана верриг а кхелхинарг ву 8 359 стаг.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Оьрсийчохь ун даьлла кхин а 7 425 вахархочунна. Верриг а цомгаш ву 599 705 стаг. Дарба хилла 12 013 пациентана.

Ткъа верриг а гIоле хилларг ву ун чудеачхьана — 356 429.

Къаьсттина дукха бу коронавирусан уьнах белларш:

  • Санкт-Петербургехь — 35,
  • Москвахь — 26,
  • Москван кIоштахь — 15.

Цомгаш нах дукха хиларехь массо а пачхьалкхашлахь кхоалгIачу меттигехь ю Оьрсийчоь, кхелхинарш алсам хиларца 13-гIа меттиг дIалоцу цо.

Малхбузерчу хаамийн гIирсаша масийттаза емалдира Оьрсийчоьно Iорадоху зераш. Бакъду, Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашъяран организацин (ВОЗ) претензеш яц Оьрсийчоьне, цара Iорайоккху статистика бахьана долуш.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG