ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Covid-19 бахьана долуш зияртхой тIеоьцур бац Маккахь а, Мединехь а


Коронавирусан пандеми бахьана долуш кху шарахь Маккахь а, Мединахь а хьаж дан кхечу мехкашкарчу зияртхойн аьтто хир бац аьлла, дIакхайкхийна СаIудийн Iаьрбийчоьно. Паччахьаллин Iумратан а, хьаждаран а министралло хаам бина оршотан дийнахь, СаIудийн Iаьрбийчохь бехачу кеп-кепарчу пачхьалкхийн "кIеззигчу" векалийн бен таро хир яц Товбеца-бутт бовчу хенахь хьаж дан аьлла.

Министраллан дIахьедарца, цу кепара сацам тIеэцна, могушалла Iалашъяран министралло, хьоьху барамаш чоьте а эцна, адамийн кхерамзалла ларъярхьама.

Исламан пхеа фарзах цхьаъ ду - ХьаьжцIа вахар. Шен дахарехь хIора а таро йолу бусулба стаг ваха декхаре ву СаIудийн Iаьрбийчу зиярате.

ХIора шарахь дуьненчуьрчу 180 пачхьалкхера 2,5 миллион гергга адам кхочу ХьаьжцIа.

Динан объекташкахь миллионашкахь зияртхой гулбелча коронавирусан эпидеми марсаяларна кхоьру саIудхой. Меттигерчу паччахьалло хIора шарахь деш долу Iумрат а сацийна Зазадокху-баттахь дуьйна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG