Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу буса а, дийнахь а велла коронавирусан инфекцех 12 дархо, ун даьлла кхин а – 492 стагана.
Оперативан штабан зерашца, Дагестанехь кхелхина 6 пациент, ГIалгIайчохь – 3, Краснодаран кIоштахь – 2, Кхарачой-Чергазийчохь – 1.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла COVID-19 уьнах 717 пациент.
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь къаьсттина Ставрополан махкахь бу ун даьлла дукха нах – 90:
- Ставрополан махкахь+90 (4 541 ву эпидеми гучуяьлчхьана)
- Кхарачой-Чергазийчохь + 81 (2 983)
- ГIебарта-Балкхаройчохь + 74 (4 585)
- Дагестанехь + 73 (7 340)
- Краснодаран кIоштахь+ 60 (5 561)
- Адыгейхь + 38 (1 607)
- ГIалгIайчохь + 32 (2 860)
- Къилбаседа ХIирийчохь + 28 (3 826)
- Нохчийчохь + 15 (1634)
- ГIалмакхойчохь +1 (1 340)
Верриг а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан инфекци яьлла ву 34 950 стаг. Йоллу Оьрсийчохь, оперативан штабан статистикаца, 599 705 ву COVID-19 вирус кхетта.