ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь дозанаш детта хIинца а чу-ара валарца


Нохчийчохь коронавирус бахьана долуш кхайкхийначу карантинца а догIуш, чу-ара валарца дозанаш детта хIинца а. "Кавказ.Реалиин" корреспонденте бина цунах хаам шинарин дийнахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана чохь болх бечу оперативан штабо.

Цара бахарехь, республикера араволучо уггар а хьалха меттигерчу декъан полихочуьнга хаийта деза, карантин ерриг а юхаяккхалц ша юха чувогIур вац аьлла, кехатна куьйг а яздеш. Документан оригинал полисхочуьнгахь юьту цо, ткъа копи шеца дIахьо республикера араволучу юкъанна, цигахь постехь лаьттачарна дIагайта.

И бакъо йоцуш муха дIасаваха деза хууш дац штабехь болчарна.

Де хьалха мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIакхайкхийра, изоляцин режим юха а яьккхина, дIасалела маршо а ю аьлла.

Зазадокху-бутт бовш дуьйна карантин яра республикехь, цуьнан низамаш дохийначунна 300 эзар соьме гергга гIуда а тухуш.

Охан-беттан 5-чохь дIакъевлира Нохчийчоьнан дозанаш. Цул тIаьхьа, цхьаннан а цIераш ца йохуш, Оьрсийчоьнан премьер-министро Мишустин Михаила критика йира регионийн куьйгалхошна, шайн регионийн дозанаш дIакъовларна. Цул тIаьхьа Кадыровс хаам бира, "Мишустине харц информаци кхачийнера" аьлла.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG