ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

28 эзар евро кхачийна Европан кхело ГIалгIайчуьрчу бакъонашларъярхошна


Страсбургерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан гIишло
Страсбургерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан гIишло

Адамийн бакъонашкахула йолчу Европерчу кхело (ЕСПЧ )карарчу беттан 23-чохь листина Къилбаседа Кавказерчу бакъонашларъяран "Мемориал" офисийн белхахой дIалецна, царна еттар. Наьсарахь 14 шо хьалха Политковская Анна дагалоцуш хIоттийначу пикетехь дакъалаьцнера цара. 28 эзар евро компесаци кхачийна царна ЕСПЧ-но. Бакъонашларъярхочо Гандаров Iийсас бина и хаам "Кавказ.Реалиига".

ЕСПЧ-н кхеле бевлла бакъонашларъярхой хIетахь "Мемориалан" офисашкахь белхаш беш хиллера. Бу уьш Сокирянская Екатерина а, Тангиев Шамсуддин а, Мукушева Зина а, Мурадова Зоя а, Яндиева Фатима а, Хантыгов Альберт а. Наьсарахь журналистана Политковская Аннина леринчу пикетехь йиттинера Сокирянскаяна а, Тангиевна а, биссинарш дIалецнера.

"Оьрсийчоьнан кхо бутт хан ю компенсаци дIакхачо, - аьлла Гандаровс. – Практикано гайтарехь, оцу декъехь Оьрсийчоьно гуттар а кхочушбо Европан кхелахойн сацамаш".

Политковская йийна кIира даьлча бакъонашларъяран "МАШР" организацино хIоттийнера Наьсарахь пикет. ГIалин администрацин куьйгалхочо куьйга яздина кехат деллера, пикет хIотто бакъо ца ло аьлла. Акци хIотточу меттигехь хIорш ларбеш хьалхе дуьйна лаьтташ полицин машен хиллера.

Политковскаян суьрташ карахь долчу зударшна етта буьйлабелира полисхой. Мара кагбинера Сокирянская Екатеринин. Пикетан декъашхой полицин декъе бигинера, адвокате телефон тоха а бакъо ца луш.

ТIаьхьо кхеле балийра, амма юкъараллин къепе талхийна меттиг ца карийра царна. Сокирянскаян мара кагбинарг мила ву хиира, цунна 30 эзар сом гIуда туьйхира. Цул тIаьхьа Европан кхеле бевлира пикетехь хилларш. Иттех шо сов хан ийшира Европан кхелахошна, кхеран гIуллакхах йист яккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG