ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мордоверчу колонехь пхенаш хедийна Къилбаседа Кавказерчу тутмакхаша


Иллюстративан сурт
Иллюстративан сурт

Бакъонашларъярхоша чIагIдарехь, шайлахь Къилбаседа Кавказера схьабевлларш а болуш, 15 тутмакхо шайн пхенаш хедийна, коронавирусун инфекцина дарба дан дуьхьало йича, яздо "Кавказ.Реалиино". Мордоверчу ИК-7 колонехь коронавирусан эпидеми иккхина аьлла, хаам баржийра цара кху беттан 21-чохь

"Шайна гIо доьхуш, соьца зIене бевллера уьш. Дуьххьара дац, оха цаьрца къамелаш деш. Оцу цамгаро нах бойуш бацахьара, ас хIара даржор а дацара", - аьлла, дийцина "Кавказ.Реалиига" бакъонашларъярхочо Титиев Аюба.

Бакъонашларъярхошца зIене бовла аьтто хиллачу тутмакхаша бахарехь, царех итт карантине хаийна хиллера, ткъа хьалхарчу кхаа дийнахь лор а ца кхачийтина царна тIе, я луш юург а ца хилла. ТIаьххьара а царна герга а ца богIуш, яла буьйлабелла. Ун даларан шеконашца волу кхин а кхо стаг кхечу тутмакхашца цхьана латтош ву шогачу хьелашкахь, шиъ баракехь ву, хIунда аьлча, карантинан зонехь меттиг ца кхаьчна царна. Цомгашхилларш карантине бахийтахьара аьлла, ден дехарш а, тутмакхаша дийцарехь, тергамза дитина администрацино.

Оцу юкъанна УФСИН-о бакъ ца до, колонехь ун даьлла нах бу бохург.

"Таханалерачу дийнахь ИК-7 колонехь коронавирусан инфекцица цхьа стаг а вац, - аьлла урхаллехь. – Санитаран-эпидемиологин хьал цхьана эшшара ду, хадданза тидамехь латтош а ду".

Делахь а, тутмакхаша пхенаш хедийна хилар харц ца до УФСИН-о, "администрацина провокаци а еш, колонера хьал галдаккхархьама" дина иза аьлла, билгалдаьккхина цара.

"УФСИН-ан информаци дукха хьолахь бакъдолчуьнца бIостане хуьлу", - боху Титиевс.

Масех бутт хьалха бакъонашларъярхоша дIахьедора, тутмакхашна къаьсттина кхерам латтарх набахтеш тIехюьзна хиларна а, лоьраш тIекхачарца а, изоляци бахарца а церан проблемаш латтарца а, церан иммунитет йоьжна хиларца а. Цара дехар дира, дуьненан ШолгIачу тIамехь толам баккхарна 75 шо кхочучу деношкахь царна шуьйра амнисти кхайкхаяхьара аьлла.

Президентехула адамийн бакъонаш Iалашъечу Кхеташонан декъашхоша хьийхира, COVID-19 вирус дIасаяржарна кхоьруш, хенал а хьалха арабовла бакъо ерш набахтера маьршабахар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG