ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Габунияна жоп делла Захаровас Лавровн дешнашца


Захарова Мария
Захарова Мария

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан (МИД) официалан векало Захарова Марияс комментари йина Гуьржийчоьнан журналисто Габуния Георгийс президент Путин Владимир аьшнашварна. "Эхо Кавказа" портало бина цунах лаьцна хаам. Шен жоьпехь Лавров Сергейн аларх пайдаэцна цо. "Кхузахь ала догIу: "Мехкарий, шу цомгуш ду ",- дIахьедина Захаровас.

Кху шеран Чиллан-баттахь гуьржийн журналистийн хеттаршна жоьпаш ца деллачу МИД-ан куьйгалхочо Лавров Сергейс "цомгаш зудабераш" аьлла хиллера царна.

Тбилисехь йоьдучу леринчу операцехь ГIалгIайчоьнан вахархо, 38 шо долу Боков Васамбек лецира. "Мтавари архи" телеканалан директоро Гварамия Никас бахарехь, журналист Габуния Георгий вен ваийтина хилла иза. Ткъа иза вейта Iалашо лаьцнарг Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан ву, стохка "Рустави-2" телеканалан йоьдучу эфирехь Оьрсийчоьнан президент сийсазвеш журналист вистхилар бахьана долуш.

Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллан урхалло (СГБ) а тIечIагIдо, шаьш лаьцна Оьрсийчоьнан вахархо цхьанна кIело ян дагахь хилла хилар. Шен дохку бехкаш тIе ца дуьту Кадыров Рамзана.

"Хаамийн гIирсаша, вовшашца къийса а къуьйсуш, даржадо Гуьржийчуьрчу ша журналист ву бохучун къамел. Боху, Нохчийчоьнан Iедал иза вен кечделла. Шайн кхолламна дегабаам бинчу нехан туьйранашца сан кIезиг бала бу. ХIинца боху, киллер лаьцна, иза Кадыровс ваийтинера пекъар-журналист вен. Хаа ду шуна, накъостий, декхар ас тIедиллина делахь, иза дуьсур дац шуна кхочуш данза, къеллехь йохкучу шун пачхьалкхашкахь-м муххале а тийна-таьIIина далур ду иза. Ша хаамийн гIирсийн векал ву, бохуш лелачу шун багаеттархочунна чохь са дисина а дац, ша цхьа доккха адам хета цунна. Амма ас хоуьйту тхаьшна цо тхан Пачхьалкх, тхан Халкъ – цундела со а – сийсаздинийла дицделла доцийла. Ас хьалха аьлла ма-хиллара, Габуния Георгийна, гора а хIоьттина, шена къинхетам бехар тоьлу шегара даьллачунна. Цо цхьа стаг ца вина сийсаз – Оьрсийчоьнан масо а бахархой бина. Гуьржийчоьнан Iедална хьоьху ас и стаг кхетамчу валор. Цунна шена хьоьху ас ша динчух лаьцна ойла яр, шен кхетам меттабалор. Ишта ца дахь, юха а боху ас, сан мостагI ву иза", - яздина Кадыровс шен Telegram-каналехь.

Тбилисехь хетачунна Москвано жоп делла. Оьрсийчоьнан Iедалш гуьржийн журналистана Габуния Георгийна кIело ян лууш ду бохуш, муьлхха а кхоллаелла шеконаш цхьа а доцург ду, бух болуш а дац аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан пресс-секретаро Песков Дмитрийс.

Президенто Зурабишвили Саломес журналисташка кхайкхам бина, талламаш берззалц, шаьш мах хадочу заманчохь жоьпалле хилахьара аьлла. Кадыровн дIахьедарх комментари ян дуьхьал хилла иза, гуттар а санна, ша - президент ю аьлла, билгалдоккхуш: "Со пачхьалкхан президент ю, сан бакъо яц, талламаш бирзина, жамIаш хаъалц кхечу махкана бехкаш дахка".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG