ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дозанех лаьттачу хаттарца собар дар дехна Даудовга Дагестанан парламентан спикеро


Дагестанан
Дагестанан

Дагестанерчу Халкъан гуламан куьйгалхочо Шихсаидов Хизрис схьадиллина кехат дахьийтина нохчийн парламентан спикере Даудов Мохьмаде, яздо "Кавказ.Реалиино". Цо кхетийна, Нохчийчоьнна а, Дагестанна юкъара дозанаш къасточу комиссин болх стенна сецна бу бохучух. Дагестанан парламентан сайта тIехь зорбане даьккхина шинарин дийнахь и документ.

Коронавирусан эпидемино новкъарло йина, боху Шихсаидовс комиссин балхана. Иштта, цо дийцарехь, берриг а тергам Оьрсийчоьнан Конституцехь бечу хийцамашна кхаж тасийтар вовшахтоха хьажийна цара.

Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада дахначу оршотан дийнахь дагестанхойн "Новое дело" газето Инстаграмехь шина республикана юкъара дозанаш къасторехь латтачу проблемех лаьцна хIоттийначу поста бухахь комментари йитинера.

Даудовс бехкаш дехкира журналисташна, "харц информацин Iовраш хецарна".

Нохчийчуьрчу муниципалан кIошташкара дозанаш пачхьалкхан реестре дахарехь болх бирзина аьлла, дIахьедира кху шеран Дечкен-баттахь мехкан парламентан спикеро. Ткъа Дагестанан Iедалша жоп делира, Нохчийчоьнца дозанаш къасторехь болх шайн бирзина бац хIинца а, цундела и процесс йирзина ю олийла дац аьлла.

Дозанаш къасто комисси вовшахтоьхнера стохка Дечкен-баттахь: Нохчийчоьнан агIор парламентан спикер вара цу тобанан куьйгаллехь, ткъа Дагестанан комиссина урхалла дан векал винера цуьнан цу республикера коллега Шихсаидов Хизри.

Иштта, ГIалгIайчоьнца дозанаш билгалдохучу комиссин куьйгаллехь а вара Даудов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG