ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пачхьалкхан бух, конституци, хийца кечлуш – тIеман гайтам


Тахана, Мангал-беттан 24-чохь, Оьрсийчохь даздеш ду «дехьатеттина» хилла Толаман Де. ТIеман гайтамца халкъан патриотизм чIагI а еш, нахе конституцин хийцамаш къобалбайта а, ша даржехь йоккху хан дIаяхъяйта а гIерта президент Путин Владимир.

Дуьненан ШолгIачу тIамехь Германи эшор дазден де Стигалкъекъа-беттан 9-гIаниг ду. Иза цаваьлла, ун даржар бахьана долуш, таханене даккха дийзира Путинан.

Амма Мангал-беттан 24-гIаниг а дац могIара де – 75 шо хьалха, 1945 шеран оцу дийнахь хIоттийна Советан эскарша Германи эшор даздеш шайн дуьххьара парад-гайтам.

Толаман Де конституцин хийцамаш халкъо кхаьжнашца тIечIагIбечу дийнал хьалха даздар къаьсттина мехала ду Путинна. Оцу даздарша кIезиг шеко юьту царел тIаьхьабогIучу «харжамашкахь» цунна кхидIа а, 2036-гIачу шаре кхаччалц даржехь виса некъ бер бу бохучух. Охан-беттан 22-чу дийнахь хила езаш яра плебесцит, пандеми юкъайоьлла ца хиллехь.

Ша Iедалехь Iачу 20 шера чохь, президентан я премьер-министран даржашкахь, иза виллина гIиртина Советан замананан васташ меттахIитто а, Оьрсийчоьнан селхане халкъе язъяйта а – патриотизм чIагIъян.

ДIадахначу кIиранах Москвахь Оьрсийчоьнан патриарха Кирилла йозалла «йоссийра» денош хьалха йиначу Оьрсийчоьнан эскарийн коьртачу килсанна. 20 миллион эскархой а, могIара бахархой а леш, «Даймехкан Сийлахь тIом» бирзина 75 шо кхачарна лерина хIоттийна килс.

Пачхьалкхехь коронавирусан пандеми марсаяьлла хьийза аьлла ца Iаш, 13 пачхьалкхера 13 000 эскархо а, 200 сов тIеман машен а, 75 кема а арадаьккхина ЦIечу Майдана Оьрсийчоьнан тIеман ницкъ гайта.

600 эзар стаг уьно лаьцна Оьрсийчохь – дуьнентIехь кхоалгIа меттиг бу иза. Официалехь велла лоруш ву 8000 стаг, амма и терахь дуккха а лахара ду баккъал а долучул, боху вуно дукха тергамчаша.

ТIаьххьарчу деношкахь пачхьалкхехь кхайкхина изоляци, кхиболу бехкамаш дIабохуш бу массо а регионашкахь. Амма хьалха а санна, лакхара ду уьно дийнахь-буса лоьцучу нехан терахь – 7000.

Бакъду, Толаман дийнан гайтамехь тидаме оьцу коронавирусах нах ларбала безаш хилар.

Путин цунна гонаха хила тарлучу нахах дIакъастош ву ЦIечу майданахь. Цо хIара денош гергакхаччалц яьккхина хан хьулвелла, ша-шеца, Москвана юьстахарчу резиденцехь.

Гайтаме балийна Даймехкан Сийлахь тIеман ветеранаш а хир бу вовшашна юкъахь интервал а йолуш ховшийна. Гайтам хIоттош дакъалоцу эскархой а бу вовшех дIасабаьхна дIахIиттош.

ЦIечу майдана мел вогIург теллина лоьраша.

Москван мэра Собянин Сергейс нахе дехна шайн-шайн цIахь совцар, тIеман гайтаме телевизорехула а хьовсуш. Ткъа кхечу гIаланашкахь я бац хIоттош тIеман гайтам, я хIоттийна, кIеззиг наха дакъа а лоцуш.

Москва ца богIуш, цIахь севцца дукхахйолчу пачхьалкхийн лидерш. Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь Толаман де даздан шаьш догIур ду аьллера хьалха Францин, Чехин, Хорватин, Китайн куьйгалхоша. Амма даздарш таханене дIатеттича, Москва баха хилла шайн Iалашонаш юхаэцна цара.

Гайтаме баьхкина Беларусан, Казахстанан, ГIиргIазойчоьнан, Молдован, Сербин, Таджикистанан, Узбекистанан президенташ. Баьхкина гайтаме Гуьржийчоьнах, дуьненаюкъара низам а дохош, дIакъаьстинчу Абхазин, Къилба ХIирийчоьнан куьйгалхой а. Ван тарлуш ду цига Боснин куьйгалхойх волу Додик Милорад а.

Материал кечйина Маршо Радион Оьрсийн сервисан репортажашех пайда а оьцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG