ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусан пандемина тIехула дозанаш къевлина делахь а, "Аэрофлотан" кеманаш севцна дац


Коронавирусан пандеми бахьана долуш дозанаш къевлина, Зазадокху-беттан 23-чу дийнахь дуьйна официалехь дуьненаюкъара кеманийн дIасалелар дихкина делахь а аьхка дуьйна "Аэрофлот" компанино дIасакхоьхьуш бу некъахой кхечу мехкашка. "Ведомости" газете бина цунах лаьцна хаам кхаа авиакомпанин белхахоша, шайна юкъахь "Аэрофлот" а йолуш.

Дийцарехь, карарчу хенахь "Аэрофлото" рейсаш еш ю Москвара Франкфурт-на-Майне а, Париже а, Лондоне а, Нью-Йорке а, Сеуле а, Тель-Авиве а, Ницце а, Барселоне а, Риме а.

Дуьненаюкъара рейсаш кхочушйо киранан рейсаш санна аьлла, дийцина газете авиакомпанин шина белхахочо. Росавиацин пурбанца духкуш ду билеташ а, ткъа мах лакхара бу. Цул сов, Европе дозанаш къевлина хиларна, и билеташ эца таро ю, оцу мехкашка баха бакъо йолчийн: Евробертан бахархойн, я цхьана ханна цигахь хан яккха бакъо йолчийн.

"Аэрофлотан" билеташ оьцучу системан информацица, РБК-с яздо, Москвара Нью-Йорке ваха мегаш ду Мангал-бутт бовш дуьйна. Иштта, авиакомпанин сайта тIехь дохка долийна Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь дуьйна Нью-Йоркера Москва юхаван билеташ а цхьаьна.

Коронавирусан эпидемина тIехула Евроберто Зазадокху-бутт юккъе баьллачу хенахь дозанаш дIакъевлира. Товбеца-беттан 1-чу дийнера дуьйна шен-шен муьрехь схьаделла долор ду дозанаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG