ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а 7 113 стагана COVID-19 ун даьлла


ТIаьххьарчу буса Оьрсийчохь коронавирусан инфекци хьакхаелла хиларца 82 регионера 7 113 стаг гучуваьлла, хаам бина оперативан штабо. "Свобода" Радионо яздо цунах лаьцна. 614 эзар гергга ву ун даьлларг верриг а. COVID-19 вирусах кхелхина яхначу буса 92 пациент. Де хьалха 154 вара уьш. Оьрсийчу коронавирусан пандеми кхаьчхьана 8 605 ву велларг. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь дарба хилла 6 342 пациентана, ткъа йоллу хеначохь товелла 375 164 стаг.

Роспотребнадзоран зерашца, лоьрийн тергонехь вуьсу 307 эзар вахархо. ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а 311 эзар коронавирусан тест йина Оьрсийчохь. Эпидеми яьржичхьана бина 18 миллион цу кепара таллам.

Къаьсттина дукха бу ун даьлларш Москвахь – 885 стаг. Де хьалха и терахь дара 811.

Дахначу шинарин дийнахь дуьйна Москвахь болх бан юьйлаелла ресторанаш а, кафеш а, фитнес-клубаш а, бассейнаш а. Коронавирус бахьана долуш дина дехкарша малдеш ду библиотекашкахь а, берийн бошамшкахь а.

Бакъо елла берийн майданех а, урамашкарчу гIантех а пайдаэца а. Турагенталлийн болх а болош бу. Иштта дIадолийна Москва олучу хи тIехула лелар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG