ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказ: коронавирусах 12 стаг велла, ун даьлла 493


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а коронавирусан уьнах велла 12 стаг, цомгаш хилла 493 вахархо, яздо "Кавказ.Реалиино" Эпидемица къийсам латто вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь кхелхина виъ, Ставрополан кIоштахь шиъ, Краснодаран махкахь а, Нохчийчохь а, ГIебарта Балкхаройчохь а цхьацца кхелхина.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла ун даьржичхьана 738 вахархо. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь къаьсттина дукха бу вирус кхетта нах Кхарачой-Чергазийчохь 82:

  • Кхарачой-Чергазийчохь + 82 (3 149 ун даьржичхьана)
  • Ставрополан кIоштахь +79 (4 695)
  • Дагестанехь + 73 (7 488)
  • ГIебарта-Балкхаройчохь + 70 (4 726)
  • Краснодаран махкахь + 59 (5 683)
  • Адыгейхь + 35 (1 682)
  • ГIалмакхойчохь +30 (1 392)
  • Къилбаседа ХIирийчохь + 29 (3 883)
  • ГIалгIайчохь + 27 (2 916)
  • Нохчийчохь + 9 (1 654)

Верриг а COVID-19 вирусаца вара Къилбаседа Кавказехь 35 866 стаг. Оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь ун къаьстира 613 994 вахархочуьнца.

Маршо Радион Оьрсийн сервисо яздарехь, регионалан зераш бIостане хуьлу кест-кеста федералан статистикица. Эксперташа критика йо царна, беллачу нехан терахь лахдина Iорадаккхарна. Iедалхоша тIе ца оьцу шайна дохку бехкаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG