ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьне дIахаийтина Гуьржийчоьно, шаьш церан вахархо лацарх


Гуьржийчоьнера хаам кхаьчна Оьрсийчоьне, харц документех пайдаэцаран гIуллах толлучу юкъанна Боков Васамбек шаьш лаьцнийла хоуьйтуш, яздо "Эхо Кавказа" портало. Меттигерчу полисхоша карарчу беттан 12-чохь лаьцна Боков, стаг вен кечамбарца доьзна гIуллакх толлучу юкъанна.

Оьрчийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллана жоп делла Гуьржийчоьно, харц кехаташ лелош хиларца бехкевина 1982-чу шарера Боков Васамбек сацийна шаьш аьлла, билгалдоккху арахьарчу гIуллакхийн министралло. Хаамийн гIирсашкахь гуьржийн Iедалхоша Оьрсийчоьнан вахархо лацарх лаьцна хаам баьржичхьана дипломатийн урхалло а, Оьрсийчоьнан хьашташ лелочу Гуьржийчуьрчу Швейцарин векаллаллин секцино а шайн тергонехь латтош дара и хьал.

Лерина операци дIахьочу заманчохь Тбилисехь лецира 38 шо долу ГIалгIайчуьра схьаваьлла Боков Васамбек. "Мтавари архи" телеканалан директоро Гварамия Никас бахарехь, журналист Габуния Георгий вен Iалашо хилла Боковн. Ткъа иза вен хьажийнарг Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан ву аьлла, дIахьедира Гварамияс, стохка хиллачу "Рустави-2" телеканалан эфирехь Габунияс Оьрсийчоьнан президент аьшнашварна бекхам бан Iалашонца.

Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллан урхалло (СГБ) а тIечIагIдо, шаьш лаьцна Оьрсийчоьнан вахархо цхьанна кIело ян дагахь хилла хилар. Ткъа шена дохку бехкаш тIе ца дуьту Кадыровс.

"Хаамийн гIирсаша, вовшашца къийса а къуьйсуш, даржадо Гуьржийчуьрчу ша журналист ву бохучун къамел. Боху, Нохчийчоьнан Iедал иза вен кечделла. Шайн кхолламна дегабаам бинчу нехан туьйранашца сан кIезиг бала бу. ХIинца боху, киллер лаьцна, иза Кадыровс ваийтинера пекъар-журналист вен. Хаа ду шуна, накъостий, декхар ас тIедиллина делахь, иза дуьсур дац шуна кхочуш данза, къеллехь йохкучу шун пачхьалкхашкахь-м муххале а тийна-таьIIина далур ду иза. Ша хаамийн гIирсийн векал ву, бохуш лелачу шун багаеттархочунна чохь са дисина а дац, ша цхьа доккха адам хета цунна. Амма ас хоуьйту тхаьшна цо тхан Пачхьалкх, тхан Халкъ – цундела со а – сийсаздинийла дицделла доцийла. Ас хьалха аьлла ма-хиллара, Габуния Георгийна, гора а хIоьттина, шена къинхетам бехар тоьлу шегара даьллачунна. Цо цхьа стаг ца вина сийсаз – Оьрсийчоьнан масо а бахархой бина. Гуьржийчоьнан Iедална хьоьху ас и стаг кхетамчу валор. Цунна шена хьоьху ас ша динчух лаьцна ойла яр, шен кхетам меттабалор. Ишта ца дахь, юха а боху ас, сан мостагI ву иза", - яздина Кадыровс шен Telegram-каналехь.

Тбилисехь хетачунна Москвано жоп делла. Оьрсийчоьнан Iедалш гуьржийн журналистана Габуния Георгийна кIело ян лууш ду бохуш, муьлхха а кхоллаелла шеконаш цхьа а доцург ду, бух болуш а дац аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан пресс-секретаро Песков Дмитрийс.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG