ГIалгIайчохь финансийн министран декхарш кхочушдечу Плиева Лианас шен лаамехь дарж охьадуьллуш кехат яздина, хаам бина пIераскан дийнахь "Интерфакс-Юг" агенталло, шайн хьостан информацица.
"Финансийн урхаллан куьйгаллера дIаяла лаам хилла Плиеван. Кехат чуделла цо мехкан урхалле. Суна хетарехь, куьйгалхочо куьг таIийна цуьнан дехарна тIе", - дийцина агентелле.
Кху шеран Охан-беттан юьххьехь хIоттийнера Плиева Лиана ханна министран декхарш кхочушдан.
- Хьалхо финансийн министр лаьттинчу Цечоев Русланна набахтехь даккха пхи шо хан кхайкхийра, федералан бюджетера 2 миллиард сом ахча дайъина аьлла.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ