ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Еллачу Умаева Мадинех сюжет яьккхинчу корреспонденто латкъамбина, ша хьийзош ву аьлла


 Саратова Хеда а, Умаева Мадини нана а
Саратова Хеда а, Умаева Мадини нана а

Гуьмсерчу 23 шо долчу жимачу зудчун Умаева Мадинин кхалхарх лаьцна репортаж йинчу ЧГТРК "Грозный" телеканалан корреспонденто Батукаев Хьамзата латкъамаш бина социалан машанехь, ша хьийзош ву аьлла. Инстаграмерчу шен аккаунтехь пост хIоттийна цо цу хьокъехь.

Иштта, цхьа могIа вон комментареш язйира бакъонашларъярхочо Саратова Хедас шен инстаграмерчу агIонехь хIоттийначу видеона бухахь а. Цу тIехь Батукаевс интервью ю оьцуш еллачун ненера Довлетмирзаева Хутматера. Бахархоша бехкаш даьхна корреспондентера, "товш доцучу кепехь" зудчуьнца дина къамел бахьанехь.

"Билггал хьийзо ваьккхинера со. Балхаца ларош вацара со царна жоп дала. Со инстаграм чу мел волу гора суна бIеннашкахь сайга язйина комментареш. Сан цIерачарна а гина уьш, сан нанна а гинера, оцу тIехула вон хиллера цунна", - дуьйцу Батукаевс шен агIонехь.

"Хьан доьзале кхочийла цу тайпаниг, Довлетмирзаева Хутматехь долчу хьоле воккхийла хьо, цуьнгара бала кхетийла хьох бохуш, яздора соьга", -дуьйцу Батукаевс.

ДовлетмирзаевгIеран цIахь дIаязйина корреспонденто видео, цо бахарехь, уьш шена къинтIера баха веана иза, нагахь санна, гIиллакхах ша воьхна меттиг нисбеллехь.

Видео тIехь Батукаевна уллохь ю Довлетмирзаева а, цуьнан ши йиша а, ваша а. Цара массара а боху, шайн цуьнгара баккха бехк а бац, "Грозный" телеканалан белхахо шайца нийсонца ца хилла олийла а дац.

Шен йоI йийна ю бохуш, информаци ма яржаяхьара доьху еллачун нанас, ткъа цуьнан вашас сардам боьллина уьш яржочарна.

Кху беттан 12-чохь елла карийра 23 шо долу кхаа беран нана Умаева Мадина Гуьмсехь ша марехь ехачу хIусамехь. Ненан тIедожорца а, Талламан комитетан пурбанца а жимачу зудчун дакъа юха хьала а даьккхина, экспертизаш йира. Нанас дIахьединера, шен йоьIан дегIа тIехь чов а яра, цуьнан марчо цIийх дуьзна а дара аьлла. Цундела иза йийна аьлла, шеконаш ю шен аьллера Довлетмирзаевас.

Гуьмсехь шина а агIонан нах вовшахтоьхначу Кадыровс дIахьедира, йоI йийна алла цхьана а кепара тоьшаллаш дац Довлетмирзаеван аьлла.

Мехкан куьйгалхочо хуьлуш хIума ду элира, доьзалехь тохар а, Iоттар а.
"Марехь девнаш а хуьлу, къийсамаш а хуьлу, майрчо тухуш а хуьлу", - аьлла, дIахьедира Кадыровс. Цунна хьалха а шена гечдар дийхира Умаева Мадинин нанас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG