ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Открытые медиа": Деклараце ца йоккхуш йитина петар ю Кадыровн доьзалан Москвахь


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен хьал гойтучу деклараце язйина йоцу петар ю цуьнан доьзалан Москвахь. Оцу хьокъехь Мангал-беттан 29-чу дийнахь хаам бина "Открытые медиа" портало, Оьрсийчуьра бахам тидаме оьцучу Росреестр хьукматерчу шен хьосташна тIе а тевжаш.

Юьйцург ю Веерная, 2 цIа чуьра 153,6 квадрат-метр йолу №30 петар. Мах бу цуьнан 50 миллион гергга.

1997-чу шарахь "Президентан гIуллакхаш лелочу урхаллин" хIусамаш ечу хьукмато (Управление по эксплуатации жилого фонда "Управления делами президента") дина и цIа. 2000-чу шарахь оцу чохь петар елла таханлерчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун дена Кадыров Ахьмадна. Цо 2002-чу шарахь шен долаяьккхина и петар. 1/8 дакъош кхаьчна хIетахь оцу чохь цуьнан зудчунна Айманина, шина йоIанна Зарганна а, Зулайна а, кIантанна Рамзанна а, цуьнан зудчунна Меднина а, йоIаршна Iайшатна а, Каринина а. 2004-чу шарахь да веллачул тIаьхьа, шен дакъа 2010-гIа шо тIекхаччалц долахь кхаьбна Кадыров Рамзана, ца гайтина и бахам шен хьолан декларацехь. 2010-чу шарахь массо а доьзалхоша шайн дакъош, хуйцу барт а беш, дIаделла Кадырова Айманина.

  • Веерная урам хьахош бу вийначу Оьрсийчуьрчу политикца Немцов Борисца доьзна айдина хиллачу бехктакхаман гIуллакхехь. №46 цIенна чувахана Немцов вийна цхьа сахьт ах сахьт даьлча Дадаев Заур (иза бехкевира кхело политик верна, набахтехь такха туьйхира 20 шо хан).
  • "Открытые медиа" портало бахарехь, Немцов верах йолчу талламчийн цхьана версино бахарехь, Веерная урамехь къайлабевлла Iийна зуламхой шаьш оппозиционер вийча.
  • Москвахь кхин, вуно еза петар ю Нохчийчоьнан куьйгалхочун зудчун Кадырова Меднин долахь. "Воробьевы горы" олучу кIоштахь, тоьллачу меттехь, Мосфильмовская урамехь ю иза. Барам бу цуьнан 210 квадрат-метр. 2016 шарахь оцу петаран мах къастийна 200 миллион соьме кхоччуш.

Кадыров Рамзанан невцан, йишин майрачун, Нохчийчоьнан парламентан вице-спикеран Закриев Салманан а ю Москварчу "Соколиное гнездо" олучу меттехь шина гIаттах лаьтта пентхаус.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG