Оьрсийчоьнан "цкъа а хийцалуш воцу президент" хила веза Путин Владимир, аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен гонан кхеташонехь. "Мила хир ву иза хийца? Вац дуьненан тIегIане кхаьчна и санна волу политик", - боху Кадыровс социалан машанашкахула яьржинчу кхеташонерчу видео чохь.
Цунна гарехь, Путин куьйгаллехь волчу заманахь лаккхара ирхенаш яьхна Нохчийчоьно. "Низамца чIагIъеллачу пачхьалкхехь, Оьрсийчоьнан Федерацехь, деха вай", - аьлла Кадыровс, махкахой Конституцин хийцамаш тIечIагIбечу харжамийн бараме а кхойкхуш.
Кхаьжнаш тасар доьрзу Товбецан-беттан 1-чу дийнахь, амма Нохчийчохь дукхахболу харжамхой - 75% сов - чекхбевлла оцу барамах. Ткъа ерриг а Оьрсийчохь шинарийн дийнахь бацара кхаьжнаш тесна 45% нах бен.
Хьалхо хиллачу харжамашкахь Нохчийчуьрчу бахархойх, даима а санна, 90% сов хуьлура барамах чекхбевлларш. Ткъа дукха хьолехь хуьлуш бац махкахь дIахьочу харжамашна тIехьожуш тоъал тергамчаш, цундела оппозици кIезиг теша жамIех.
- 2018-чу шарахь, президентан харжамаш хилале а дIахьедира Кадыровс, Путин "даиманна вита веза пачхьалкхан куьйгаллехь", аьлла.
- Конституцин тIетохаршна юкъахь кхоже дуьллуш ду Путинан президенталла "юхадолор"– хийцамаш тIеэцначул тIаьхьа кхин а шина харжамашка ваха бакъо хир ю цуьнан, Iойла хир ду президентан даржехь 2036-гIа шо тIекхаччалц (оцу хенахь Путинан хир ду 84 шо).
- "Даиманна президент" олу кеп яц Оьрсийчоьнан Конституцехь, дIахьедина Путинан пресс-векала Песков Дмитрийс шинарийн дийнахь.
- Белла дIабовллалц президенташлахь Iан магош нисделла шайн авторитаран пачхьалкхашкахь, масала, Броз Тито Иосипна а (Югослави), Ниязов Сапармуратана а (Туркменистан). Къилбаседа Корейн лидер Ким Ир Сенна а кхайкхийра велча "даиманна президент " – хIинца цигахь и дарж данне а дац харжаме доккхуш.