ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу полицино бохийна Нохчийчуьрчу мухIажирша хIоттийна гулам


Магасехь полицино дIасалаьхкина гулам бан хIиттина бахархой – иттаннашкахь гулбелла Нохчийчуьра мухIажираш. Мангал-беттан 30-чу дийнахь баханера луларчу махкарчу тIемаша дахар доххорах, шайн къоман лаьтта тIехь баха бисина гIалгIай мехкан администрацин цIенна хьалха.

Гуламан декъашхойх цхьамма йийцира "Кавказ.Реалиига" шайн хилла Iалашо. 1994-чу шарахь дуьйна шаьш хIусамаш йоцуш дехаш хиларх лаьцна, уьш шайна цаялар низамехь доцийла мехкан администраце дIахьедан дохкура шаьш, элира цо.

"Кехатна буха куьйгаш а яздина, иза мехкан куьйгалхочун чоьнаш чу а кхачийна, дIадаха дагахь дара тхо. Дацара тхоьгахь цхьа а плакаташ а, бацара оха беш цхьа а кхайкхамаш а. Тхо гулделла довлале полици еара", - дуьйцу гуламан декъашхочо.

Полицино, администрацина хьалха гулбала бакъо яц, аьлла нахе. Гуламхой дIабевлла администрацин цIенна хаьлхара, амма хIетте а дIасалаьхкина.

"Оха хаьттира, стенна яц тхан, юьстах а девлла, гIенташ тIе хевшина Iан бакъо? Сан йоI, иза кхиазхо ю, шен телефон чу яздеш Iара гонахара сурт. Полисхо, тIекхетта, куьйгаш хьийзо волавелира цуьнан. Тхоьца болу кегийнах дуьхьалбевлира полисхошна, уьш летира. Тхо машенаш чу а доьхкина, дIадига бохкура уьш. Божарша дуьхьало йира. ДIабига хьийзочаралахь яра Дзортова Мадина, масала", - боху зудчо.

Цо бохург тIучIагIдеш къамел дира "Кавказ.Реалиица" гуламан кхечу цхьана декъашхочо а.

ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу пресс-векалто харц ца йира полици мухIажирех латарх йолу информаци, амма ца хIоьттира хилачунна комментари яла.

  • 400 гергга шайн махкахь хIусамаш яларе хьоьжуш Iен мухIажир ваьккхина ГIалгIайчоьнан Iедало петарш ларъечу нехан могIаршкара. Царалахь бу дуккха а бераш долу доьзалш, цхьалха наной, къаной, заIапхой. 1262 мухIажирийн доьзална петарш елла махкахь, цигарчу къоман политикан, информацин министралло бахарехь. Нохчийчуьра боьхна 481 доьзал бу рогIехь буьсуш.

XS
SM
MD
LG